Даймахке безам сочинение на чеченском

Презентация на тему: "даймехкан исбаьхьа куьцаш нохчийн литературин классал арахьарчу дешаран урок (6 - г 1 а класс) хьалха-мартан районан гихт 1 ара 4 юккъера школа хьехархо.". скачать бесплатно и без регистрации.

Сочинение по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость»

Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.

Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.

Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.

Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.

Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла

Видео:Все времена действий на чеченском языке,и не только. Нохчийн мотт.Скачать

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…

Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.

Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.

Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.

Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.

Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.

Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.

Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.

1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,

Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!

Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,

Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,

Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!

2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,

Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!

Видео:Чеченские женщины — за кого же они болели?! (на чеченском)Скачать

Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,

Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,

Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)

Вай олу Даймохк-Нана.

Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.

Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:

«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.

Номер материала: ДБ-704124

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке

Бергоева Айзан Абдилвахитовна

Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна,

Сайн дог хьох д1аэрца карийра суна!

Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! Х1ун хир ду хьол хьоме, деза!? Вайн нохчийн г1арабевллачу яздархоша, поэташа говзчу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаш ца дицдо» роман т1ехь коьртачу турпалхочо олу т1аме воьдучу шен к1анте: «К1ант! –элира Товсолтас, – вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуненчохь массо х1уманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!» » «

И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна д1адийшош. Хийла г1енах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде к1ентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре ч1ог1а сатесна хуьлура тхо.

Делан лаамца тхан дай, наний шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь т1ом болчу хенахь, кхелхина дахна Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман 1ер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо баккхийрачу вашас, йишас дуьйцура марха достучу дийнахь шаьш х1ун леладора: хьала маца г1овттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхалле эхарх лаьцна. Ц1а ян сатосий хуьлура со.

Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а «Орга»-хелхаран ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана-биолог. Оьрсийн мотт а 1амабора цара тхуна, ц1а даг1ча деша атта хилийта.

Апрель беттан 23-г1а де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна т1ехь яра нохчийн г1абали, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а.

Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна кавказера хелхарш 1амор. Тхан нанас 1амийначу тобано шозза а дакъалецира г1алахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюрихь 1ачу цхьаммо хьала а г1аьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобан куьйгалхо мила ву? Х1инца шолг1а го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айъина к1ентий, хи т1ехула йог1учу г1ург1езан боларх, ах б1аьрнег1арш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ву аьлла хета суна цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца 1а, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!»

1 стр., 478 слов

Сочинение ешначех суна угар дукха еза книга

… туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай. Сочинени «Сан хьоме Даймохк» Язйина Грозни-г1аларчу МБОУ «СОШ № 47» 9 «В» классан дешархочо … басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс … х1аваъ. «Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан …

Ша бахьана долуш школан дирекорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: куьйгалхо хьо ю ала, ас г1о дина эр ду ахь аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан, мух1ажар яра иза. Хонкара пачхьалкхан культурин министран хьалхара г1оьнча хиллера и хаттар делларг.

Цо дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас 1амочу тобано. Тайп-тайпанчу г1аланашка гастролашка эха дуьйладелира. Тхо дехачу г1алин Мэро шен куьйга грамоташ а елира, совг1аташ а дира тхуна, цхьаьний д1ах1иттина сарташ а дехира.

2014-чу шарахь ц1а дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней д1а ма г1о, ша шу реза долуш болх нисбийр бу шуна аьлла. Эххар а, 1ийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара х1ума т1е ца лоцуш, мелхо а шайн нохчийн кура амал, хаза г1иллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!»

Бегаш беш, тхан нендас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аш а Даймахках къаьстина, олий.

Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хазаду-кха ц1ахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху ц1ахь санна ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю г1аланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна:

Сочинени «Сан жима Даймохк – сан Соьлжа-г1ала»

Сан жима Даймохк – сан Соьлжа-г1ала

Дукха ю дуьненчохь г1аланаш, дукха ду царна чохь дехаш адамаш а. Массарна а еза ша вина меттиг, хьоме ду ша кхуьуш долу латта а. Сан г1ала, сан жима Даймохк – иза Соьлжа –г1ала ю.

Со Соьлжа-г1али йистехь 1аш ю. Кест –кеста сан нанас дуьгу тхо цу г1али юккъе. Х1оразза а дуьххьара гуш санна хета суна цуьнан зезагех 1ена бошмаш, сада1а йина паркеш, ялсаманехь санна ц1ена урамаш! Ткъа стенца дуста деза «Нохчийчоьнан дог» аьлла ц1е тиллина долу, ерриг Европехь шех тера кхин хазаниг доцу маьждиг! Ца 1ебаш хьоьжу со деших кхелинчу цуьнга! Хетало, со цхьана туьйранахь бен ца хуьлучу паччахьан шахьаре кхаьчна. Дог шелло «Грозный – сити» олучу г1аланашка хьаьжча. Суна сайн дахарехь ца гина уьш санна лекха а, хаза а г1ишлош. Дукха ю иштта шайна т1е къаьсттина тидам бохуьйту меттигаш. Йийцина вер вац сан г1алин исбаьхьалла. Амма и цхьа а х1ума а хир дацара и ерриг хазалла шайн куьйгашца кхоьллина болу сан г1алин бахархой а, вайн къомах а, махках а дог лозуш болу вайн къоман дика нах а ца хиллехьара.

Хаза бу вайн мохк а! Хаза ю вайн г1ала а! Амма цу массо а х1уманел хаза а, дика а ду нохчийн къам, шайн хазачу г1иллакхашца, оьздачу маттаца, доьналлица вайн Даймохк кхин а хазбеш долу!

Со йоккхае сайн г1алех, йоккхае сайн къомах, дозалла до суо нохчи хиларх! Теша, мел гина долу вуонаш дицдеш, нохчийн къам ирсе дехар хиларх.

Ехийла хьо, сан Соьлжа – г1ала, эзар шарахь, кхин т1ом ца гуш, хьайн берийн делхар ца гуш!

Хьан хазалла санна, ирсе хуьлда хьан яхар!

Выберите книгу со скидкой:

ОГЭ. География. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ

Математика. Новый полный справочник школьника для подготовки к ЕГЭ

Дошкольная педагогика с основами методик воспитания и обучения. Учебник для вузов. Стандарт третьего поколения. 2-е изд.

Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.

Начинаю считать: для детей 4-5 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.

Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 2, 2-е изд., испр. и перераб.

Пишу буквы: для детей 5-6 лет. Ч. 2. 2-е изд, испр. и перераб.

Русско-английский словарик в картинках для начальной школы

ОГЭ. Литература. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ

ЕГЭ. Английский язык. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ

Рисуем по клеточкам и точкам

ЕГЭ. Информатика. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ

БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА

Источник

Урок-конспект по подготовке к работе над третьей частью (сочинение-рассуждение) КИМА ОГЭ по чеченскому языку

Видео:Iамабе тхоьца нохчийн мотт! Учите с нами чеченский язык!Скачать

Къамел кхиоран урок. Яшуркаев Султанан «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повеста буха т1ехь «Г1иллакх-оьздангаллин аг1о» ц1е йолу ОГЭ-н форматехь 9.3 ц1е йолу сочинени-ойлаяр язъяр.

1алашонаш : нохчийн литературин мотт хаар к1аргдар; йозанца шайн ойланаш нийса а, к1орггера а гучуяха 1амор; барта къамелан корматалла лакха а йоккхуш, ойланехь дерг йозане дилла 1амор.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза ешначух лаьцна шайна хетарг цхьана кепе а далош, йозане дилла; хаа деза ОГЭ-н форматехь сочинени язъян.

Сочинени язъян кечамбар.

1. Хьехархочо йовзуьйту сочиненин тема а, язъяран кеп а.

— Дешархой, таханлерчу урокехь вай шакепара сочинени язъян 1амор ду шуна. Иза ОГЭ-н форматехь Г1ИЛЛАКХАХ лаьцна хир ю. Аьлча а, уьссалг1ачу классехь аша алссам язйир ю кху тайпа сочиненеш, х1унда аьлча, экзамен д1алуш иза хьашт йолу дела.

Х1инца аша шуна цуьнан коьрта некъаш довзуьйтур ду.

Уггар хьалха дийца дезар ду шу муха кхета шу Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маь1нах. Цул т1аьхьа кепе а далош, комментари ян езар ю шаьш цунах билгалдаьккхинчунна.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза. (Абзац 4).

2. Карладаккхаран хаттарш:

Вай ешначу «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» ц1е йолчу повестехь г1иллакх гайтина кийсакаш схьалахий вай? Хьенан васташца гучуделира вайна турпалхойн г1иллакхе хилар?

Ц1ера а даьхна, де эшна, г1аддайна доллушехь, нохчийн къомо муха лардина хилла г1иллакх?

Къаьсттина ч1ог1а муьлхачу турпалхочун амалехь гайтина автора г1иллакх долуш хилар?

Кхин муьлха дешнаш х1иттор дара аша Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан мог1аре?

Г1иллакх- иза воккханиг ларар, г1ийлачунна шега дало накъосталла дар, лела хаар ду. Г1иллакхе стаг леларца а, духарца а, маттаца а оьзда хир ву. Г1иллакх багахь дийцина ца 1аш, г1уллакхашца гайта дезаш ду бохучунна реза дуй шу? Аша х1ун т1етухур дара?

Дахарера масалш далон хуур дарий шуна г1иллакх-оьздангаллех лаьцна? (Ешначу киншки юкъара, я шайца нисделларг (халкъан исторера а), я гиначу кинофильмера а мегаш дуй хаийта деза дахарера масал далон).

Дешархошна г1оьнна ларамах лаьцна язйина сочиненин кеп йовзийтар.

Дахарера масал далош,лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш,ала лаьа вайнехан хьаша-да ларарх лаьцна дош. Массо а вайнехан г1иллакхаш ч1ог1а хаза ду: воккханиг чувеъча, дег1 нисдеш, хьалаг1аттар, воккхачунна дуьхьала цалер, жимачун воккхачуьнга а, воккхачун жимачуьнга а болу лерам. Амма уггаре а сийлахьниг- иза хьаша-да ларар хилла а ду,тахана а вайнаха лелош а ду. Хьаша- иза беркат ду олуш ду. Кхечу юьртара хьаша веъча, синкъарам беш а хилла хьалха заманахь, хьешана хазаелла х1ума цунна совг1атна д1алуш хилла. Иштта деш хилла хьешана олий, оти ц1а а.

Видео:Х1ар Шай волчар сацвахьар, нахиг ца Сац войтш!Скачать

Цу т1ера схьа жам1 дан таро ю:вайн дайша хьаша ч1ог1а лоруш хилла, иштта вайна т1ехь а ду и ларам цкъа а вайна юкъара д1а а ца болуьйтуш,вешан хазачу г1иллакхийн дай а хилла, даха.

IV . Сочинени язъяр. ( Литературин шолаг1чу урокехь тептарш т1е схьаязйойту).

Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»

Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.

Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!

«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)

6 стр., 2555 слов

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

… олуш хилла. Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн … къастадеш, Иэхьечух нийса., Дай лара хьоьху цо,, Даймохк вайн биэза,, ГIиттадо, бакъ толош,, Харцонца къийса… Дуьххьара … доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ. Анас, воьжначу БорзабIаьрган метта дIахIотта хьакъволуш, …

«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:

Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а

Х1ора а, нохчичун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а. Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина атто лоьхуш шен дай баьхна лаьмнаш, латта, х1усам д1атесна шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.

Ишттачеран мог1арера цхьаъ ю, лаьмнашна юкъахь 1уьллучу Ч1ебарлойн районера Макажа юьртара яхархо Хасанова Умисат. Иза йина 1958 шеран 25-чу июлехь Казахстанехь Кустанай г1алахь. Цигара Даймахка ц1а йирзичахьана Макажахь ехаш ю иза.

Умисат йолчу х1усаме кхаьчча ширачу замане хьуо юха вахача санна хетало. Чохь йогуш дечиг даго пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а, лелош даьхни а ду цуьнан. Иштта ма 1ийна вайн дай, шайн куьйга хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь оьзда доьзал а кхиош г1иллакх-г1уллакх а долуш.

Умистан гергара нах, доьзалш охьанехьа бехаш бу, цара мел ч1ог1а аларх а, дехарх а, Умисат цигара схьа ца йог1у 1ан а, яха а, аьтто хир бара аьлла. Цуо забар ечух олу: «Кхузахь сан синна а, токхе ду, эрна эладита я къинош ца летош, Далла 1амал еш сайна парг1ата еха со».

2008-г1а шо т1екхаччалц йолчу ханна Умисат шен дайх дисинчу ширачу ц1а чохь ехаш яра, цуо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь Ч1ебарлойн районехь яйтинчу 28 х1усамех лаьцна.

Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа х1усамехь бен дехаш адамаш дац, делахь а аьхка мелла а дукха нах хьала бог1у кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, марзо хеташ хан яккха а. Уьш гуттаренна а ц1а боьрзург хиларх а тешна яра иза.

Шен дахарехь уггаре а, доккха хазахетар шена хиларх а дийцира цо йоккхаерца самукъа а долуш. Дукха хан йоццуш шен х1усаме уггаре а веза, лараме хьаша вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах лаьцна дара иза. Иза шена гур ву я, шен х1усаме вог1ур ву аьлла цкъа а дага деача а, я и ирс хир ду аьлла тешна яцара ша бохура цо. Х1инца а, наггахь и г1ан дарий-те олий а хетало, олуш елаелира иза. Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахь балам болуш а яра Умисат. Шайн хиллачу къамелех а, вайн мехкан куьйгалхочун дикаллах лаьцна а дийцира цо.

Цунна шен а, миска мел волчу стеган а, вайн къоман а, мехкан лазам а, бала а хиларна Дела реза хуьлда аларца баркаллаш а бохуш.

Нохчийн зуда-м даимна а хилла сийлахь, еза, лараме, оьзда, цундела ма бу нохчийн к1ентий къонахий а. Мехкарийн сий долчу махкахь къонахий кхуьур бу» олуш дайн кица а ма ду. Вайн махкахь-м кхуьур бу яхь йолу къонахий а, сий долу мехкарий а, Делан къинхетамца Дала мукъ лахь!

2 стр., 547 слов

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

… цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу … волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна …

Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу ц1е ца яйта Умисат санна болу зударий, наной, йижарий кхуьийла хьан Нохчийчоь, мехкан сий айдан, кхане ирсе кхиийта вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна болу къонахий дебийла хьан, Даймохк!

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Йицъян йиш йоцу истори

1944 шо. 23 февраль. Оцу дийнахь нохчийн къомана йира йоьрзур йоцу чов. Исторехь дицдан йиш йоцург ду и. Цу буьрсачу 1аьнан дийнахь харцонца шайн махках даьккхира нохчийн, г1алг1айн кхин а цхьадолу къаьмнаш. Вайн нахана т1ехь лелийна къизалла. Харцо йиц лур яц мел шераш д1аэхарх. Бежнаш санна, товарни вагонаш чу а доьхкина, дуьгу меттиг хууш йоцуш, новкъаделира цу доьхначу дийнахь вайн жима халкъ. Амма церан некъ хиллера Сийначу Сибрех боьдуш берг. Инзаречу гаттехь цхьана баттахь гергга ц1ерпоштан товарни вагонаш чохь, шайн лаамехь доцуш, бинчу бехачу некъо г1елдинера адам. К1адделла, г1елделла, тишделла адам. Мацалла, шелонна доьлхучу берийн маьхьарий, цомгашчеран узарш. Ца бевза хийра мохк, цигарчу къоман ца хуу мотт. Хийла вовшах хаьдда йиша-ваша дара. Мичахь бу те уьш? Х1ун хилла-те царах? Я шайх хиндерг а ца хааро г1айг1ане дожийнера адам. Сибрех дигар, вайн дайша-наноша лайна баланаш а суна гина дац. Амма суна дуьйцуш хезнера: «Юткъа шок етташ, лай т1ера схьахьоькху шийла мох хьакхабелла меже шелонца морцуш, к1ад ца луш, массо маь11ехула кхерстара. Адамийн дегнаш т1е цхьа беза сингаттам туьйсуш, маьхьарий хьоькхура, йочанийн кхаъ кхайкхош, дерзинчу дитташ т1ехула хьийзачу къийгаша…» «Гур буй-те юха Даймохк? Гур дуй-те кхин нохчийн лаьмнаш, шовданаш, хьаннаш, ярташ? Гур дуй-те нохчийн маттахь газет, книга… хезар дуй-те радиочухула ненан маттахь къамел?» – бохуш, хийлаза г1ийла ойланаш йинера мискачу наха. Бакъду, нохчашка юха а боьссира и бала, карладелира 1944 шо. Юха а даьхкира исторехь дицдан йиш йоцу денош. Дийзира юьхьарберзо х1етахьлера некъ. Ирча еара и чолхе зама. Т1амо пусар доцуш, хийла доцург т1ехь а кхоьллина, хийла нохчо, ша винчу меттигах хаьдда, Даймахках къаьстина лийлира дуьне ма-дду. «Къам доцург къонаха вац, шен бийца къонахий боцург къам дац», – олуш ду вайн дайша. Вайн нохчийн къам ч1ог1а доьналла долуш ду, майра ду, оьзда ду. Къонахалла собарца хуьлуш ю, собар ийманца ду.

Мацалло хьовзийча, ца воьхна нохчо. Къизалло к1елвитча, гора ца вахна. Дех-ненах д1ахаьдча, велха ца вилхина, Луьрачу паналлехь – Даймохк ца бицбина.

Видео:Чеченские приколыСкачать

Нохчочун дог ша къонахчун дог хиларе терра, даима шен Даймехкан лаьттаца ду. Вайн къам т1амо махках даьккхинчу муьрехь кхечу махкахь зама йоккхуш, вайна х1оранна а буьйсанна г1енах гора вайн лаьмнаш, шовданаш, жимчохь левзина урамаш. Иштта деза кхоьллина ду-кх дай баьхна латта. Цундела ду-кх иза вайн исторехь дицдан йиш йоцург. Нохчийчохь массо а дийнахь алсамдуьйлуш, дебна кешнийн баьрзнаш. Зенаш дина т1амо. Вайн дегнашна йина ца 1аш, лаьмнашна а йина т1амо дера чевнаш. Мостаг1аша кхоамза хьешна, бохийна вайн мохк. Иза дицдан йиш йоцург делахь а, вайн нанойн, берийн дегнашкахь мекха ца йисийта г1ерташ, цу дегнаш чу къизалла ца йоссийтархьама, массо адамашца бертахь даха берашна 1амор – коьрта 1алашо йолуш бу хьехархой. Ткъа иза вайн исторехь дицдан йиш йоцург хилар, и санначух вайн къам лардархьама ду, цхьаъа т1ом я вон х1ума вайн къомана оьшуш цахилар ду.

Т1еман бала ма дог 1ийжош сийса, Хийла 1еткъаш ахь со вожаво. Сан ницкъ кхачац ойла хьоьца къийса, Хьан къизалла даге лан ца ло.

Дуккха а харцонаш, бохамаш лайна вайн къомо, сингаттам совбуьйлуш, баланаш базлуш, чевнаш ца йоьрзуш схьадеана къам. Вайна оьшура машар, барт, вовшех дашар, г1ийлачуьнга къинхетамца хьажар. Цу Везчу Дала вайн дайша, дедайша лайначу баланах вайн къам лардеш, дог 1овжош деана вуо дайдеш, г1алатло ваьшкара ца ялийтархьама и саннарг иэсехь латтош, ирсе йог1ийла вайна т1е мел йог1у зама. Д1аоьхур ду маьлхан денош, хийцалур ю зама, амма дуьсур ду къам, дуьсур ду цу къоман дика мел дерг, хаза г1иллакх, хьанал къинхьегам, ларам, оьздангалла. Дукха ду-кх, вайн жимчу къомана дахаро гайтина, исторехь дицдан йиш йоцу х1уманаш. Кхин т1е йог1учу заманахь Дала шен къинхетамах ма дохийла вай. Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Амин, тхо кхоьллина къинхетаме Везан Дела.

Топ вопросов за вчера в категории Русский язык

Русский язык 04.06.2023 15:27 9856 Лукьянова Вероника

Напишите текст в научном стиле 6-7 предложений. ​

Ответов: 2

Русский язык 30.04.2023 06:09 11363 Карпов Андрей

написать текст официально-делового стиля (7-10 предложений) СРОЧНО

Ответов: 3

Русский язык 01.05.2023 11:32 5954 Лосякова Юлия

Задание. Спишите предложения, расставьте знаки препинания, если они необходимы. Выделите причастные

Ответов: 2

Русский язык 20.06.2023 02:37 2303 Богатова Дарья

Задание. Спишите предложения, расставьте знаки препинания, если они необходимы. Выделите причастны

Ответов: 1

Русский язык 30.04.2023 06:36 2772 Кусь Иоанн

Выпиши сначала простые предложения,а потом сложные.Расставь знаки препинания.Подчеркни грамматически

Ответов: 2

Русский язык 03.07.2023 03:54 2004 Мерендзак Яна

Сочинение об осени с использованием метафор, эпитетов, олицетворения. (10 предложений) СРОЧНО! ПОЖАЛ

Ответов: 2

Русский язык 01.04.2020 04:22 507 Бровченко Наталья

Укажите тип речи текста: «Солнце и ветер. Весенний свет. Синицы и клесты поют брачным голосом. Корк

Ответов: 1

Русский язык 14.03.2021 03:07 3999 Юрченко Никита

Какие тексты относятся к художественным?Когда мы пользуемся разговорной речью?

Ответов: 2

Русский язык 18.05.2023 16:34 1215 Кулешов Кирилл

Написать сжатое изложение по тексту «В.И.Даль» Сжатое изложение Собиратель русских словВладимир Ив

Ответов: 2

Русский язык 01.05.2023 01:34 2481 Волков Андрей

составьте \»Словарь профессии\» из 15-20 слов, включив в него профессионализмы.Профессию выберите са

Ответов: 2

Ответы на вопрос

Отвечает Мишкин Михаил.

Ответ:

Вевзаш волу поэт, публицист, литературни критик, гочдархо Цуруев Мовладин Шарип вина 1963-чу шарахь Гуьмсан к1оштарчу Лаха Гезлойн-Эвлахь. Юьртарчу юкъардешаран ишколехь доьшуш а волуш дуьххьара зорбане ваьлла иза. Чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Къахьегна дешаран хьаьрмахь, «Орга» журналан, «Даймохк», «Васт» газетийн редакцешкахь, и.д1.кх. коллективашкахь а.

Тахана иза къахьоьгуш ву «Хьехархо» журналан коьртачу редакторан, республикин 1илманийн академийн «Таллам» журналан жоьпаллин секретаран а даржашкахь. Иза ву яздархойн, журналистийн а Бартийн декъашхо. Газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, коллективни гуларшна юкъахь зорбане йийлина цуьнан стихаш, поэмаш, статьяш, очеркаш.

Цуруевн дуьххьарлерчу стихийн гуларан ц1е яра «Йисалахь, Нохчийчоь». «Тешалахь, Даймохк», «Цхьа мерза-г1айг1ане мукъам» ц1ерш йолу стихийн, поэмийн гуларш араевлла поэтан кху т1аьхьарчу итт шарахь.

Поэт Цуруев 20-чу б1ешеран т1аьххьарчу 30 шарахь бевзинчу яздархошлахь шайна т1е тидам алссам боьдучарна юкъахь ву. Арсанукаев Шайхи хьахийначохь цуьнан «Ненан мотт» стихотворени санна, Цуруевн ц1е яьккхича суна уггар хьалха дагайог1у цуьнан «Нохчийн мотт» ц1е йолу байт.

Цхьана вевзаш волчу нохчийн меттан хьехархочо, «Даймохк» газетан рог1ера номер а карахь, олуш хезира суна:

«Кху т1ехь зорбатоьхна йолу Цуруевн «Нохчийн мотт» стихотворени тоьар яра, кхин кху т1ехь х1умма ца хилча а, кху газетан номеран мах лакхара хадо а, мехалла гайта…».

Ма-дарра аьлча, поэтан ницкъ кхаьчна оцу шен говзарехь (произведени) вайн маттах лаьцна шатайпа дош ала. «Базарахь эцна а боцчу», «цхьаьнггера а юхалург» ца баьккхинчу нохчийн меттан хьокъехь цо боху:

Объяснение:

СПАСИБО

2

4,0

(4 оценки)

Войди чтобы добавить комментарий

Остались вопросы?

НАЙДИ НУЖНЫЙ

1
2

Отвечает Копаев Максим.

Я, как и многие другие ученики седьмого класса, учусь в Даймехканской школе №1 на Аламе. Здесь я получаю образование в основных предметах и развиваю многие навыки, которые пригодятся мне в будущем. Я горжусь тем, что учусь в этой школе, и мне очень нравится обучаться здесь.
Наши учителя очень профессиональны и заботятся о том, чтобы мы получали знания не только в классе, но и за его пределами. Они проводят дополнительные уроки и кружки, где мы можем углубить свои знания и умения в различных областях. Кроме того, они всегда готовы помочь нам в любой задаче и разъяснить материал более подробно.
Наша школа также обеспечивает множество возможностей для спорта и физической активности. У нас есть спортивный зал, футбольное поле, баскетбольная и волейбольная площадки, где мы можем заниматься спортом и проводить время с друзьями. Это отличная возможность сбалансировать умственную и физическую активность.
Наша школа также имеет хорошие отношения между учениками, что создает дружескую и поддерживающую атмосферу. У нас есть разнообразные клубы и организации, где мы можем встретиться с единомышленниками и развиваться в различных направлениях.
В целом, я очень ценю свою школу и то, что она предоставляет нам. Я уверен, что здесь я получу качественное образование и знания, которые помогут мне стать успешным человеком в будущем.
1

Понравилась статья? Поделиться с друзьями:
Умный ребенок
Добавить комментарий

;-) :| :x :twisted: :smile: :shock: :sad: :roll: :razz: :oops: :o :mrgreen: :lol: :idea: :grin: :evil: :cry: :cool: :arrow: :???: :?: :!: